ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маршо Радион корреспондент Гуьржийчу ца витина


Маршо Радион Нохчийчуьра корреспондент Дадаев Асланбек Гуьржийчу ца витина. Шайн пачхьалкхехь иза ца оьшуш хиларх кехат цуьнан караделла дозанхоша. ХIун бахьанашца чу ца вуьту ша тIекхиа гIертарх а, жоп доцуш виссина иза. Ша бечу журналистан балхаца доьзна лору Дадаевс хилларг.

Дозанхойн сацамна латкъамбан дагахь ву иза гергарчу хенахь. Журналисто бахарехь, цуьнан ситуацина тIе тидам бахийтина хIинцале а "Доза доцу репортераш" организацино а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG