ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Царицыно" Нохчийчу "хьалялан" йоьхьаш кхачадо хьакхан жижиг тоьхна


Оьрсийчуьра "Царицыно" жижиган комбинато Нохчийчу кхачочу хьалялан продукцица хьакхан жижиг хааделла ("Кавказ.Реалии" портале кхаьчна йинчу экспертизан копи).

Хьалялан ду аьлла, арахецначу йоьхьийн экспертизан жамIаш
Хьалялан ду аьлла, арахецначу йоьхьийн экспертизан жамIаш

Хьакхан ДНК таллам бича "Кавказская особая" цIе йолчу йоьхьашца хьакхан жижиг карийна Ростовн Россельхознадзоран белхахошна. Дахначу шарахь Нохчийчуьрчу Динан урхалло баа бихкинчу кхачан тептар Iорадаьккхинера шен сайтехь. Тептаре даьхнера "Царицыно" арахоьцу "хьалялан" йоьхьаш а.

Дуьххьара дац жижиг кечден "Царицыно" комбинат юьйцу, амма хIетте а Оьрсийчоьнан регионашка дIакхачайо цара шайн продукци, билгалдоккху Halalinsider портало.

Йоьхьаш юкъахьарчийначу кехат тIехь чIагIдо цара, шариIатан барамашца дина ду аьлла.

Оьрсийчуьрчу муфтийн Кхеташонан официалан сайт тIехь информаци ю, шайн эцархой Iехорна кху шарахь "Царицыно" комбинатна административан гIуда тоьхнера – 100 эзар сом аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG