ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инстаграмера Кадыровн аккаунт дIакъевлина


Инстаграмера za_kadyrov_95 аккаунт дIакъевлина, бахьанаш хууш дац. "Кавказ.Реалии" порталан информацица, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана лелош яра и. Стохка аьхка дуьйна кхоьллина яра и агIо. Аккаунт дIакъовлучу заманчохь 1, 5 миллион стаг вара цуьнан агIоне язвелла.

Думан депутат Саралиев Шамсаил эргIадвахна хиллачунна. Амма цо бакъ ца до, стохка ГIуран-баттахь шен агIо дIакъевлинчул тIаьхьа Кадыровс юха йиллина аккаунт яра бохург. Депутатан хаамашца, za_kadyrov_95 агIо лелорийш Кадыровн агIончаш бара.

Маршо Радионо яздира, стохка Iай Кадыров Рамзанан Фейсбукера а, Инстаграмера а аккаунташ дIакъовларх. Iамерко "Магнитскийн тептаре" Кадыров ваккхарца доьзна, блок тоьхнера социалан машанашкарчу цуьнан агIонашна.

Цул тIаьхьа Кадыровс дIахьедира, Нохчийчохь Mylistory аьлла, керла социалан маша кхолларх а, ша цу чохь аккаунт елларх а.

"Социалан машанашкахь шайна ма-тов блок тухийла цара сан аккаунташна, амма Кадыров Рамзанан цIарна цкъа а аьтто хир бац церан блок тоха", - аьлла, дIахьединера мехкан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG