ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь йоI йийначу кIантана кхел кхайкхо кечлуш бу суьдхой


Венерчу Ditteshof микрорайонехь 7 шо долу Хадижат йийна ах шо даьллачу хенахь кхелахоша дерзий цу хьокъехь талларш. Зулам ша дина хиларх мукIарло дина хIетахь дуьйна набахтехь волчу 16 шо долчу луларчу кIанта Роберта. ВорхI агIонах лаьтташ ю цунна бехкбилларан текст.

Масех кIира даьлча йолаяла тарло Робертна дуьхьал процесс. Австрихойн низамашца цу кепара зулам динчунна 15 шо хан йогIу набахтехь яккха. Могушалла зуьйш, талламаш дIабаьхьначул тIаьхьа Роберт шизофрения олу лазар а, кхи а цхьа могIа психикаца сакхташ долуш хилар къаьстинера. Дийцарехь, къевлинчу психиатрин лазартнехь дарбанаш дан охьавуьллур ву иза, лоьрийн тобано кхоччуш могуш ву аьлла, сацам баллалц.

"Кавказ.Реалии" портале Хадижатан доьзало лаьцначу адвокато дийцарехь, луьра таIзар Робертна даре сатесна ву иза.

"Цунна догIу таIзар дIа а кхайкхийна, кхелан процесс ца йирзича, йоьIан гергарнаш паргIат бац. Хадижатан гергарчу наха хала лайна шайн доьзалхочунна тIехь динарг, хIинца а метта а бахказа бу уьш", - аьлла адвокато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG