ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Эхье полкан" турпалхой


Петарбухерчу метрохь гучуевлира "Эхье полкан" турпалхойн сурташ тIелетийна вагонаш.
Петарбухерчу метрохь гучуевлира "Эхье полкан" турпалхойн сурташ тIелетийна вагонаш.

Петарбухехь гучуевлла дуьхьалонан акцин керла кепаш

Ши-кхо де хьалха уггаре адамаш дIасалела доладеллачу сохьтехь Петарбухерчу метрохь гучуевлира "Эхье полкан" турпалхойн сурташ тIелетийна вагонаш. Уьш бара бевзаш болу политикаш а, Iедалхой а. Портреташна кIел яздина дара церан хьунарш дийцар – хIунда бахана цу нахана тIе цу кепара тидам.

Иштта, масала, Путин Владимиран портретана кIел язйинера хIара текст: "Пуьтанча, гIортор йина пенсе воьду хан тIетохарна".

Цунах лаьцна материал арахецна Маршо Радион Оьрсийн сервисо. ХIара цуьнан боцца чулацам бу.

Валуев Николай а, Матвиенко Валентина а, Макаров Вячеслав а гайтина бара Оьрсийчьурча бахархошна пенсе боьлху хан тIетохаран низам тIеэца кхаж тесна депутаташ санна.

Метро чуьрчу галерейна юкъаваханера Петарбухерчу полицин хьаьким инарла Умнов а. Цуьнан суртана кIел яздина дара "Гезгмашин беттан 9-чохь Питерехь дуьхьалонан акци дIасалалла омра делла, хIуматоьхначеран декъа бара зударий а, бераш а".

"Эхье полкан" вагонех лаьцна хаам сихха баьржира социалан машанашкахь. Шайн акцех лаьцна яздира шаьш цуьнан авторша – "АгитРоссия" тобанан жигархоша. Цу тобано шайниг " Путинан пропагандаца къийсам дIахьон федералан канал ю боху, урамашкахь агитаци дIахьон". Иза кхоьллина кхушеран Товбецан-беттан 20-чохь.

Шайн акцина комментари еш "АгитРоссия" тобанан декъашхоша къаьсттина билгалдоккху, шаьш и акци йолинчу хенахь метрохь дукха адам хилла хилар а, цара шаьш иза вуно къобул еш хилар гойтуш хилар а.

Пенсин реформа тIеэцарна бехке болчу нехан сурташ дIадеттар ша цхьа акци яц "АгитРоссияно" дIаяьхьнарг. ГIадужу-беттан 7-чохь цуьнан жигархоша акци вовшахтуьйхира Путин Владимир винчу денна хьажийна йолу. Цара "декъалвира" Оьрсийчоьнан президент, "Аврора" крейсер лаьттачу меттигана дуьхьал долчу Сампсонин тIайна тIе "Петарбух дуьхьал ю Путинна" (Петербург против Путина!) баннер а оьллина.

Путин Владимир винчу денна хьажийна акци.
Путин Владимир винчу денна хьажийна акци.

Лахьан-беттан 2-хь, "Хан тоьхна йоцу дуьхьалонан акци" боламан жигархошца цьаьна уьш дуьхьал бахара Петарбухе веанчу Кремлан пропагандистана Соловьев Владимирна. Цу акцин цIе яра "Зарзар хьозан боьхалла" (Соловьиный помет). Соловьев къамел дан кечвеллачу Ленсоветан културан хIусаманна хьалха полицино дIалецира цу акцин 7 декъашхо. "Хан тоьхна йоцу дуьхьалонан акцин" боламан 6 декъашхо дIахийцира дукха хан ялале, ткъа "АгитРоссииян" жигархочунна Иванкин Павелна 10 де хан туьйхира набахтехь яккха.

Амма и стаг бехке варан бахьана Соловьевна дуьхьал хьажийна текст тIехь йолу кехаташ даржор дацара, полицин белхахоша бохург ца дар дара.

"АгитРоссиян" жигархой каро атта дац. Уьш кхеташ бу махкахь хIоьттина хаьл бахьанехь шайна тIехь даиман а кхерам лаьтташ хиларх. Цундела шайн цIерш ца йоху цара, журналисташца цхьаьнакхеташ хилча а, цара иза до къайлахчу меттехь.

Карарчу хенахь "АгитРоссия" тобанан жигархой кечйеш бу керла акцеш. Амма шайн планаш, кхеташ ма хиллара, къайлехь латтайо цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG