ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу кхелаша озабезамаш лелабо аьлла Хазбиевн адвокаташа


ГIалгIайн оппозиционеран адвокато юха а тIедожийна цуьнан гIуллакх листар махкал а арахьа хилийта аьлла. Цунна хетарехь, республикерчу суьдхоша озабезамаш латтабо мехкан куьйгалхочуьнгахьа. Еаридийнахь хиллачу кхелан кхеташоно Хазбиев кху беттан 29-чу дийне кхаччалц чохь вуьтуш, сацамбина.

ТIаьххьарчу довхаттарехь Хазбиевс дIахьедира, юьхьанца дуьйна шен хиллачу адвокаташца Ибриева Хедица а, Сабинин Андрейца а юха а бартхиларх. Байначу баттахь Хазбиевс ша кхи адвокаташ лохуш ву аьллера.

Еаридийнахь кхелан кхеташоне баьхкинера Хазбиевн агIончаш – шина кIиранах Магасехь митингехь лаьттина жигархой а, ишта мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн хилла куьйгалхо Погоров Ахьмад а, юкъаралхо Албаков-Мялшхи Руслан а, меттигерчу "Мемориалан" куьйгалхо Акиев Тимур а, оппозиционеран гергара нах а.

Шаьш чуделлачу кехат тIехь адвокаташа Ибриевас а, Сабинина а билгалдаьккхина, ГIалгIайчохь цхьана кхело мехкан Iедалхошка озабезам боцуш гIуллакх луьстур ца хиларх. Шайгахь информаци ю аьлла цара, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун доттагIаллийн уьйраш хиларх Лакхарчу кхелан урхалхочуьнца. Цундела шеконаш ю церан, Хазбиевн гIуллакх нийцсонца толлур хиларх.

РогIера Хазбиев Мохьмадан довхаттар тIедогIучу кIиранах – 13-чохь хир ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG