ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан набахтешкахь телефонаш лелор доьхкуш ду


Оьрсийчоьнан таIзарш кхочушдаран системан федералан урхалла (ФСИН) тIейогIучу хенахь дехка дагахь ю набахтехь телефонаш лелор. "Интерфаксе" бина цунах хаам ФСИН-ан урхалхочун гIовса Бояринев Валерийс.

"Карарчу заманчохь мобилан операторшца колонин территореш тIехь зIе дIахадаярх дуьйцуш ду оха. Къаьстинчу реестрашкахь хийцамаш бан беза зIе ца хилийта", - аьлла Бояриневс.

Ишта цо билгалдаккхарца, карарчу шеран 6 беттачохь набахтийн белхахоша 10 эзар телефон схьаяьккхина тутмакхашка дIакхачон лерина йолу.

Чуяхьа магийна йоцу гаджеташ кхоьхьучарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дохуш ду. Администрацино само а еш, стационаран телефонехула дийнахь 15 минотехь бен къамелаш дан бакъо яц тутмакхийн.

Дахначу кхааридийнахь даьржина дуьйцура, Амурскан кIоштарчу набахтехь Кущевн эвлахь леллачу зуламхойн тобан куьйгалхочо Цеповяз Вячеслава крабашца а, цIечу Iовца а делкъе еш даьхна суьрташ ФСИН-н а, Талламан комитетан а каракхачарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG