ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман гIуллакх дечарна доьхкуш ду интернетехь шайх лаьцна хаамаш баржор


ТIеман гIуллакх дечарна интернетехь шех, я шен накъостех лаьцна информаци яржор доьхкуш низаман проект тIеэцна пачхьалкхан Думано еаридийнахь. Ишта царна могуьйтур дац фото, видеоматериалаш, шен геолокаци, я кхийолу информаци яржон а аьлла, дийцина Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовса Панков Николайс.

Эскархойн хIусамнананойх хьакхалуш бац и бехкам аьлла цо. ТIеман гIуллакх дийраш интересе бу цхьаццайолчу пачхьалкхашкарчу къайлахчу сервисашна а, террорхойн а, экстремистийн а организацешна цхьана аьлла, кхетийна Панковс.

Низам ца лардинчунна дуьхьал Оьрсийчоьнан эскарийн уставца а догIуш, жоьпалла тIедожор ду аьлла тIеман министраллан векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG