ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

НогIийша шайн эвлара арабохуш бу помидораш лело китайхой


Дагестанехь НогIийн кIоштарчу Нариман эвлахь гулам хилла юьртарчу бахархойн. Цара тIедожийна шайн эвлахь болх бечу китайхошна, цара хIиттийна помидорийн парникаш дIаяхар. Бахархоша хан елла цу бизнесан дайшна иза дан деза ГIура-беттан 1-ра де тIекхачале аьлла, яздо "Кавказ.Реалиино".

Нариманан бахархойн а, Китайрчу белхалойн а дов дала гIерта дуккха а хан яра. Юьртахоша шайн эвлара арабовлар тIедожийнера махкара боцучу хьешашна Товбеца-бутт чекхбалале, интернетехь "Китайхоша дийна доллуш жIаьла кхехкош ду" цIе йолу видео гучуяьллачул тIаьхьа. И гIуллакх деш бохкуш болу нах бара теплицашна уллехь, цундела меттигера бахархой тешна бара иза Нариман эвлахь хилла хиларх.

Дагестанан чоьхьрачу гIуллакхийн министралло таллам бира цу хьокъехь, амма низам дохийна хиларан тоьшаллаш ца карийра. Меттигерчу администрацехь дIахьедар дира, и видео шайн эвлахь яьккхина яц аьлла.

Цул хьалха кхин цхьа инцидент а хиллера эвлахь. Меттигерчу вахархочуьнан дайна эса китайхоша даьхьна аьлла "гIаьттинера адам". Делахь а Нариманера бахархой коьртачу декъана реза боцург кхин ду. Уьш тешна бу помидораш кхиош китайхоша лелош адамийн могашаллан вуно зе деш долу дIовш ду бохучух. Цул сов китайхоша йинчу теплицашкахь болх бинчу меттигерчу бахархоша чIагIдо, буьйса ялале помидораш кхиийта цара мехий детташ гина шайна бохуш.

Китайра белхахой шайн эвлара арабаха меттигерчу бахархоша сацам бинчул т1аьхьа цу бизнесан долахочо барт бира юьртан администрацица, кхин а 3 а баттахь болх бар хьокъехь лаьцна. Цунна дуьхьал 1 миллион сом дала реза хиллера иза. Дийцарехь, цу ахчанах эвлахь берашна ловза майда кечйина.

Кхин дIоггара кехаташ а ца хIиттош бинчу бертан хан чекхяьлла, ткъа меттигера бахархой юха а гулбелла эвлара и бизнес дIакъовлийтар Iалашонца. Юьртара администраци тIетайна царна, 100 сов йолу теплица шайна территори тIера дIаяккха еза аьлла.

Цу тайппа проблема иккхинера луларчу Нохчийчохь а масийтта бутт хьалха. Цигарчу бахархоша а латкъамаш бора китайхоша хасстоьмаш кхиош дIовш леладо, мехий а детта бохуш. Амма Оьрсийчуьрчу берийн даар дечу евзачу компанино шен Iалашонашна хаьржира Нохчийчохь китайхоша кхиийна дуга. Говзанчаша хастийра цуьнан дикалла.

Цул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дира, республикехь кхиош йолчу помидорашна дIовш детта бохург бух болуш дац, уьш кхиочу бизнесхошна дуьхьал дIахьош леррина компани ю аьлла.

Ткъа Кадыровга цу хьокъехь латкъам биначуьнан гергарчу наха ЧГТРК "Грозный" телеканалехула леррина дIахьедар дира, и стаг коьртаца лазар долуш а ву, психиатро шен Iуналлехь латтош а ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG