ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Набахтехь воллушехь бозбуанчаллаш лелош хилла тутмакхо


Соьлжа-ГIаларчу Ленинск кIоштарчу кхело бехкевина меттигера вахархо А.Iумар курхаллаш лелорна, даккхий ахчанаш а дохуш. Кхелехь тIечIагIдина, Ставрополан кIоштахь набахтехь хан токхучу цо стохка мобилан телефонехула цхьана шина стагца зIене а ваьлла, уьш Iеха а бина, шинггера а 57 эзар сом ахча даьккхина хилар.

Цул тIаьхьа шина таксхочуьнца зIене а ваьлла, цу шингара ахча схьа а эцийтина, шен телефонан "Киви-кошелек" тIе даккхийтина.

Кху шеран Зазадоккхучу баттахь юха а телефонехула деши духкучу туьканара зудчуьнца юкъарло а дийцина, иза а Iехийна, цхьа миллион 200 эзар соьмана деши даьхьна, цуьнан банкан карти тIе ахча доккху ша а аьлла.

Оцу зудчун телефон тIе 1 миллин 200 эзар ахча даьккхина ша аьлла, тоьшаллина эсмс а яхьийтина хилла цо, цул тIаьхьа оцу йохкархочо кхо ваийтина таксхочуьнга дIаделла цу мехах долу деши.

Шаьш барт ма барра, таксхочо ГIалгIайчуьрчу кхечу таксхочуьнга кхачийна мехала хIумнаш, вукхо Саврополан кIошта а вахана, тутмакхан зудчуьнга дIакхачийна хилла уьш.

Дерриг а теллинчул тIаьхьа кхело 6 шо хан кхачийна А.Iумарна набахтехь яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG