ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрино бехкаш дехкина Оьрсийчоьнна


Австрин Iедалхоша Москохца шпионажалла лелийна аьлла, шайн пачхьалкхан эскаран хилла полковник бехкевеш динчу дIахьедарана дуьхьало йина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Оцу шеконаша шина пачхьалкхана юккъе херо еана аьлла хета урхаллехь.

Австрин векал пIераскандийнахь тIекхайкхинера оьрсийн дипломатин векалалле. Венас цу кепара бехкбилларо "цецдаьхна" шаьш аьлла министраллехь.

Австрехь пIераскандийнахь дIалаьцна 70 шо долу полковник, иза Оьрсийчоьнна болх беш хилла аьлла, шеконаш кхоллаелла.

ЦIарца вуьйцуш воцчу полковнико 1990-чу шеран чакхенера дуьйна Оьрсийчоьнан тIеман талламчашка информаци кхачош хилла, пачхьалкхерчу миграцин кризицех а, Австрин тIеман авиацех а, артиллерийн системех а. Австрин эскаран штабехь бIаьрла доцчу даржехь хиллачу цо, хIора ши кIира мел долу Оьрсийчуьрчу шен кураторца цхьана а кхеташ, дан дезарг тIелоцуш хилла.

Австрин канцлеро Курц Себастьяна шога емалйина Оьрсийчоь. Нейтрале пачхьалкхна дуьхьал шпионажалла лелор хила йиш йоцург ду аьлла цо.

КарабогIучу баттахь Австрин арахьарчу гIуллакхийн министран Кнайсль Каринан Оьрсийчу вахар а юкъахдаьккхина. Нагахь Австрино дохку бехкаш тIечIагIдахь Оьрсийчоьнца юкъаметиигаш телхар ю аьлла дипломато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG