Петарбухарчу "Лента" гипермаркетехь цIеяларан бахьанашца 800 стаг кIелхьараваьккхина шоьтан Iуьйранна. ГIишло чохь чубоьжна тхов. ЦIеяйархоша чIагIдо, шаьш кхерам буха тоьхна, цIе кхи дIа яьржар ю аьлла, шеконаш ца йиссина.
ТАСС агенталлан информацица, лазийна ши стаг дарбан цIийне вигина. Цхьаъ эцархо ву, важа гипермаркетан белхахо хилла.
Тоькан серий вовшахкхетаран бахьанашца яьлла хилла туьканахь цIе аьлла агенталлан хьосташа.