ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хашогги вийна хиларан тоьшаллин аудиош Iамерке дIакхачийна Туркойчоьно


Журналист Хашогги Жамал верца йоьзна аудиоматериалаш Хонкарас яржийна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн, Германин, Францин, Великобританин Iедалхошлахь аьлла Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа. Цо бахарехь, "цара массара а ладоьгIна цу къамелашка".

Хашогги вийначу Истанбулерчу СаIуда Iаьрбийчоьнан консулаллехь динчу къамелийн аудиош хилар бакъдина Туркойчоьно.

И аудиош хиларх хьалхо хаамийн гIирсашкахь а дуьйцура.
СаIуда Iаьрбийчоьно юьхьанца тIе ца дуьутура журналист вийна хилар, амма тIаьхьо мукIарло дира.

СаIудахойн Iедалан официалан версица, журналист лакхара омра дина вийна вац, зуламхоша шайн инициативаца вийна ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG