ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхоша кIентий байина дай Тбилисехь митинге арабевлла юха


Стохка полисхоша дIахьочу леринчу операцехь вийначу ПIаьнказарчу 19 шо долчу вахархочун да Мачаликашвили Малхаз Руставелин цIарахчу проспекте веана Саралидзе Зазана а, кхиболчу протестхошна а тIехIотта.
"Рустави 2" телеканалан эифрехь Мачаликашвилис дIахьедира, шена телевизионехь гира Саралидзе Заза а, цуьнан нана а дарбан цIийне охьадуьллуш, тIаккха лаам хилира шен митинге ван аьлла.

"Тхайн маршо Iалашйийр ю оха" аьллачу акцин Iалашо ю, митинг вовшахтоьхначара дийцарехь, кIентийн байинчу дайшна гIо лацар. Эфирехь Мачаликашвилис юха а кхайкхамбира Iедалхошка шен а, Саралидзе Зазин а кIентий байинчарна таIзар даре.

Хьалхо акцехь полисхошна а, дуьхьалончашна а юкъахь тасадаларш хиллера. Парламентна хьалха четарш ца тохийтинера полисхоша гулбеллачаьрга. Оцу юкъахь вон хилла Саралидзе Заза а, цуьнан нана а дарбан хIусаме дIабигинера.

ТIаьхьо аьтто белира протестхойн кхо четар хIотто а. Акци дIахьош ю карарчу хенахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG