ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Калифорнехь цIераш йийлина, велла 25 стаг


Iамеркарчу Калифорнин штатехь хьаннашкахь цIе йийларан бахьанашца беллачийн терахь 23 хьаладаьлла. ЦIаро хIаллакйинчу Парадайс гIалин йистошкахь карийна дукхаболу белларш. 26 эзар стаг вара цигахь вехаш. Уьш берш кIелхьарабаьхна цу гIалара.

Парадайсан гергарчу кIошташкахь цIеран кхерам лаьтта. Ишта, Iамеркара бевзаш болу нах бехачу Малибу курортехь а. Кардашьян Кима дийцарехь, цу чуьра араяла цхьа сахьт бен хан яцара цуьнан.

Калифорнин исторехь уггар даккхий зенаш дина кху цIаро аьлла Iамеркан Iедалша. Цхьа могIа кIошташкахь чолхечу хьолан раж кхакхийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG