ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIуманаш эца тоьлла гIала билгIалъяьккхина Оьрсийчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Оьрсийчоьнан коьрта гIала билгалъяьккхина туристашна хIуманаш эца тоьлла гIала санна, хаам бо РИА Новости агенталло.

Tvil.ru сайто хаийтина муьлхачу гIалахь шайна оьшу йораха хIуманаш оьцу арабевлла лелачу наха. Рейтиг хIоттийна кху беттан 11-чу дийнахь даздеш хиллачу Дуьненаюкъара шопинган денна хьажийна, социалан машанашкахь хаттар а хIоттийна.

Гучудаьлларг ду хIуманаш эца Оьрсийчохь уггаре а тоьлла гIала респонденташна Москох хеташ хилар (53% кхаьжнаш). ШолгIачу меттехь ю Петарбух (26% кхаьжнаш). КхоалгIачу меттехь, респонденташна хетарехь, ю Сочи (15% кхаьжнаш).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG