ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даьттах тоян йолийна ГIалгIайчоьнан Iедалша


Даьттаха боьду некъ.
Даьттаха боьду некъ.

ГIалгIайчоьнан Iедалша тоян йолийна 20 сов шарахь тесна хилла Нохчийчоьнан дозанца Iуьллу Соьлжан-кIоштара Даьттах. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфакс" агенталло, цу республикерчу Iедалан векалшна тIе а тевжаш.

Цу балхана юкъаозийна ю "Ингушавтодор" а, "Ингушэнерго" а, "Газпром" а компанеш. Дийцарехь, Iедалан коьрта Iалашо ю цу юьрта бахархой юхаберзор.

"Интерфаксо" дийцарехь, тIедогIучу шарахь Даьттахахь ян йолор ю керла школа а, берийн беш а. Карарчу хенахь цу эвлахь болх беш ю юьртан администраци, бехаш бу масийтта доьзал. Гергарчу деношкахь Даьттаха лур ю газ а, ток а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG