ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла рекорд хIоттийна Alibaba компанино


Alibaba компанино роботех шуьйра пайда оьцу онлайн-махбеш эцна суррсаташ дIасанисдеш.
Alibaba компанино роботех шуьйра пайда оьцу онлайн-махбеш эцна суррсаташ дIасанисдеш.

Alibaba олучу онлайн-махбаран компанино керла рекорд хIоттийна интернетехула цхьана дийнахь хIуманаш юхкуш. Кху беттан 11-чу дийнахь хIусам кхоллаза стеган де даздеш, цу компанино махбина 30 миллиард 800 сов миллион долларна. Стохка цу тайпа гайтам бара $24,2 миллиард.

Керла рекорд хIоттийна 16 сохьтехь вуно йоккха хIуманаш йоьхкина дIаяхарехь.

CNBC дийцарехь, мах бан болийначу хьалхара 85 секундехь Alibaba-н порталехула хIуманаш яцна 1 милиард долларна. Уггаре дукха эцнарш ду Xiaomi, Apple, Dyson компанин сурсаташ.

Массо а декъехь хIуманаш йохкар юкъадаьккхина Alibaba компанино 2009 шарахь Лахьан-беттан 11-хь, хIинца шех хIусам кхоллаза стеган я шопинган де олучу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG