ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь къаьмнийн доттагIаллин цIа дар хьахийна Евкуровс


Евкуров Юнус-Бек.
Евкуров Юнус-Бек.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека республикехь дехачу къаьмнийн векалийн доттагIаллин цIа дар хьахийна Оьрсийчоьнан къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу федералан агенталлан куьйгалхочуьнца Баринов Игорьца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь, хаам бо РИА Новости агенталло.

ГIалгIайн махкахь 14 къоман-културан юкъаралла ю, церан юкъаметтигаш латтош яц уьш дIатаръян хIусам ца хиларна, бохуш вара Евкуров. Цунна хетарехь, керлачу центрехь вовшахтоха мегар дара цхьаьнакхетарш а, ненан маттахь йолчу литературан, къоман културан отрибутикан а гайтамаш, ткъа иштта даздан мегар дара дезаденош а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG