ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СагIа доккхуш ву Нурмагомедов Хьабиб


Нумагомедов Хьабиб.
Нумагомедов Хьабиб.

Дагестанера вевзаш волу спортхо ММА чемпион Нурмагомедов Хьабиб дагахь ву цхьамогIа гIо-накъосталлин проекташ кхочуш ян. Цу юкъахь ду хи доккхуш буруш тоьхна меттигаш тояр а, керла медицинан центраш яхкар а, ткъа иштта керла дешаран гIишлош яр а, уьш кхиор а.

ESPN олучу Iамеркерчу спортан телеканалан корреспонденто Хелвани Ариела шен Твиттерехь Нурмагомедовн сурт хIоттийна, Нигерехь го баьккхина дIахIиттина бераш а долуш.

Хьалхо Хьабибан менеджеро Iабдул-Iаьзиз Iелас хаам бинера, Африкехь цхьацца гIо-накъосталлин проекташна 1 миллион доллар дайа дагахь ву иза аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG