Саратовн махкахь Волжскан кIоштан кхел реза ца хилла Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна тIелатар кечдеш дакъалаьцна аьлла чувоьллина Казахстанан махкахо Пьянзин Илья хенал хьалха набахтера аравалийта. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло.
Пьянзинан бехктакхаман гIуллакхца а догIуш, иза а, Нохчийчуьра схьаваьлла ши жима стаг Осмаев Адам а, Мадаев Руслан а хиллера 2011-чу шеран ГIура-баттахь Украинерчу Одессехь цхьана петарахь Оьрсийчоьнан президентана тIелатар дан кечлуш бомба еш. Иза ларамаза иккхинера, Мадаев а вуьйш.
2012-чу шарахь лаьцна волчу Пьянзина дийцира Украинин кхерамазаллин сервисашка шайн Iалашонах лаьцна. Дукха хан ялале лецира Осмаев а. 2013-чу шарахь Оьрсийчоьнан Iедалшка дIавеллачу Пьянзинна 10 шо хан туьйхира колонехь даккха. Оьрсийчоьне дIавала кечвина Осмаев Украинехь висира, Iедал хийцадалар бахьана долуш.