ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Доцуш долу лаьттан дакъош духкуш хилла Майртупара вахархо


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Куршлойн кIоштарчу талламан комитетан белхахоша теллина чекхдаьккхина нах Iехорца доьзна бехктакхаман гIуллакх. Царна гучудаьлларг ду кхушеран хьалхарчу шина баттахь 30 шаре ваьллачу Майртупарчу вахархочо, нах Iеха а беш, доцуш долу лаьттан дакъаош доьхкина хилар. Цу стага даржош хилла Цоци-Эвлахь шен долахь долу латтанаш дораха дIадухкуш ву ша бохуш.

Цо дуьйцург цхьаъ ду моьттуш Iеха веллачу 6 стага ахчанаш делла цуьнга 290 эзар соьмана тIера 750 эзар соьме кхаччалц барам болуш. Курхалчо цу кепара гулдина хилла 2 миллион ах миллон гергга сом. Иза хIинца лаьцна ву.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо дийцарехь, бехкевийриг къера хилла ша бехке хиларна. Цо юхаделла ша нах Iехийна даьккхина ахча. Долчу низамашца а догIуш, цу стагана 6 шо хан тоха мегаш ю набахтехь яккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG