Оьрсийчоьнан Федералан кхерамазаллан сервисо дIахецна Дагестанера яхархо Абакарова Загидат. Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиино. Шинарин Iуьйранна Москох Шереметьево аэропортехь лаьцнера иза ФСБ-н белхахоша. Москох дакъалаца дагахь хиллера и зуда Гергарчу Малхбалехь лецна болу Оьрсийчуьра зударий а, бераш а цIадалорна хьажийначу зорбанан конференцехь.
Абакарова лацаран бахьана хууш дац. И зуда 8 шо хан кхайкхийна ю суьдо Шемахь хилла ю аьлла. Набахтехь хан яьккхар тIаьхьатеттинера суьдхоша 13 шаранна, цуьнан беран 14 шо кхаччалц аьлла.