ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элдин Микаил. Орам хадийна синтар


Элдин Микаил
Орам хадийна синтар

Гуьйренан буьйса... Шийла Iаьпказ...Кхузахь гуьйренан кхоллам боца хуьлу. Дуьненна елакъежна а ялале... Шен хазаллин гIарпаллийца синошна сатийсам баларна, бозбуунчаллин бехк тIебуьллий эрда тIехь чалтанчо корта боккхучу йоьIан санна боца кхоллам бу кхузахь гуьйренан... Ткъа буьйса-м еха ю... Махьаро дегI гIелдина, кхерамо дог гIелдина, некъах тиллачу некъахочуьн йистйоцу буьйса санна еха ю кхузахь буьйса. Хьераваьлла стаг санна, ша-шега шабаршца цхьаъ дуьйцуш, сихъелла тIехъиккхи мохо ядийна хьош йолу догIанан марха а. Iаьпказ тIехула хIордан жиннаш а хьалха довлургех кIайн дой хоьхкуш санна чопанийн реманаш уьду. Ткъа Iаьпказ... Цхьаъ ала гIерташ, бур-бур деш, хьан когаш кIеларчу акхачу тIулгех хьерча.
Хьо... Хьо-м вац я догIанан шабарш а, я Iаьпказан хабарш а хезаш... Я хIуммаъ гуш а. Хьайна совдаьлла хьайн са дахьа меттиг йоцуш, абадехь дуьненан йист ларъян кхиэл йина гIаролан бодане бIогIам санна, бертахь ойланийн йийсархо а хилла анайист ларъеш лаьтта хьо. Амма бодано хьулйина анайист-м яц гуш. Ахь соьга ладоьгIу тховса... Iожаллин меттахь висначу ден весете хьомсарчу воIа санна сема ладоьгIу ахь соьга... Ткъа сан-м дац хьуна дийца хьан карзахдаьлла са тедан хIумма а. Ас хилларш, лелларш дуьйцу-кх хьуна, хьан деган саьхьараллехь дагалецамийн стоьмаш кхион гIерташ. Хьо цкъа мацах ирсе хиллийла хьуна дагадаийта гIерта со-м. Хьайн куралла баьхьана долуш ахь тIеэцна доцу хьан ирс.

Хьо цкъа а ма вацара Ирс цIе йолчу динан да хила лууш. Цунна метта хьуна цу акхачу, иэмалк динан кхес а лаьцна, дахар мадду ида лаьар-кх цуьнца. Цуо хьо тIулгех веттарх, къохцалш юккъехула текхорах тергал ца деш.

Да хилла тIе нуьйра а тиллина, цу курачу динах алаша ян ца лии хьуна-м. Акха амал аьрха хуьлийла хьайна хуушехь, иэмалк дине дуьрста ца лалой хьайна хуушехь, ирс дацош ахархо хила ца лиъна, цуьнан нийса накъост хила лии-кх хьуна. Ткъа иза-м вадийна валийна хьо дуьненан кху шийлачу йисте охьа а кхьоссина дIадаха... Ткъа хIинца хьо.. Малхо цхьалхачу синтар тIехь бицбина тхин тIадам санна. Я ца вогуш, я ца вужуш кху кхолламан бердан йистехь кхаза виси.

Вожа-м вужур ву эххар а... Амма бIаьстенан бецахал хьайх Iабо-м вужур вац. Хьайн хьомечу гуьйрено шелдинчу, тIуьначу лаьтта вужур ву-кх. Малхана дагавеана хьуо вагаре са-м туьйсу ахь... Амма сатийсамаш кхочуш хилла дIаваханарг мила ву?.. Хьуна хьуо веллий хаьа... Мухха делахь а хьо теша-кх цунах. Махканна а, къоманна а, дена-нанна я хьуо хьайна а воцуш, деккъа цхьа бодане IиндагIа а хилла, кху Iаьпказан узамца хьайн узам а балош, ойланаш а елхош хьайн леларх хьуо велла лору ахь.

Дависа-кх хьан... Хьуначул ца дезаш хIара дуьне дууш мила ву те? Лар толлу иэр цIечу экханна санна, хьайн Iожаллина тIаьхьаиди хьо-м гуора вожжалц. Оцу хьайн идарехь акха ирс девзина, бердах санна хьайн Iожаллех букъ а тоьхна ваха Iамаро ма хиэраваьккхи-кх хьо дуьненна. Ткъа дуьне-м шек доцуш хьийза аналлехь. Хьо хилча а, ца хилча а бийра бу цо шен чаккхе йоцу некъ маьлхан пIелгаш тIехь а техкаш. Хьуна сил дукха безначу уьйрашна а вицлур ву хьо, цкъа а ца хилча санна. Хьо набаро Iехийча хьан са кхерста лаьмнаш, шовданаш, уьш дацахь хьуна ялсамане а ца оьшу лаьмнаш, эзарнаш шерашкахь шаьш ма-латтара лаьттар ду хьо воцуш а. Хьуна-м моьттура, хьуна мохк санна махкана хьо а веза. Ткъа мехкан-м хьо саннарш дуккха а хилла...

Хьуна-м цу ирсах массарна а дакъа дан лиънера. Массаьрга а лиънера хьуна ирс малийта. Iаббалц ца хилахь а, довззалц хилийта.
Цундела идира хьо-м ирсан кхес лаьцна. Амма хьан идар нехан хьогIе делира.Хьан цIийх дишуна хиллачу махкахь хьоьл тоьлларш ирс дацош бу.

Ткъа хьо?. КIиллочо баттара яьккхинчохь охьакхоьссина шаьлта санна, зама яйна некъахо санна, кху шийлачу чхараш тIехь анайист ларьян виси. Нахана хьо дуьне дууш ву моьтту. Амма хьуна хьайна хаьа дуьне хьуо вууш дуйла... Цкъа мацах хьо гIаттийна, дуьненна а, Iожаллийна а тIехула хьо идийна цIарах кхерста безам ца тоьа хьан дагна хIинца. Цкъа а Iебар а вуй техьа аьлла хоьтуьйтуш дуьнене, дахаре хилла йолу сутаралла ца тоьу хьуна. Тоьпан биргIанчуьра яьлла даьндарг санна, Iалашо йоцург кхин хIумма а ган а ца гуш, я хаза а ца хезаш, кху дахарехула хьуо воьдуш хьуна хьуо цхьа ладаме хIума ду моьттура дуьненахь. Амма хьо хIумма а ца хилла...

Дуьненна хьовха, хьуна хьайна а ца хаьа хьуо мила ву а, я ву-вац а. Толам лан атта хилла. Хьайн толамийн новкъах хьуна гIалаташ иэшамаш бу моьттура... Цкъа боккъал а иэшам тIехIотталц. Хьо кийчча ца хиллера иэшам лан... Цу иэшамо диний хьох-м хьайн лазаман индагI... Цундела вуй хьо-м са ца гун бIаьргаш баIарлагIечу анайисте а боьгIна, леррина соьга ладоьгIуш.

Хьан сатийсамаш ца бисна... ГIенашка бен... Цкъа... Цхьаьна хазчу Iуйранна ша самабаьлча, дог лаззал болчу безамца шега хьоьжуш хьо шена ца гича, догIанах ца билхинчу махкара лаьттан хьожа, шовданан чам бахьаш гIенаш кхачаре сатуьйсу ахь. Хьуна-м хаьа, хьуо махкана везийла а, оьшийла а. Цуьнан кийрахь кхиъна, цуьнан воI ма ву хьо. Делахь а мохк декхарийлахь бац хьо веза а, хьуна белха а. Хьоьга сатийса а бац и декхарийлахь. И дерриге а хьуна ду, Къабилан декхар санна. Ахь ойланаш йо... Я ойланаша хьо во... Шайн лай... Хьо-м реза ву, хьуо вицвинчу махках лаьцна уьш хилчахьана.

Хьайгахь адаман васт дисний-те боху хаттар догIу хьан кхетаме. Амма ца оьшу... Хьо – орам хадийна, дарцо шен хьаннех, махках даьккхина, дадийна далийна кху шийлачу тIулгаштIе, боданечу дуьнена йистте охьакхоьссина синтар ду. Кху Iаьпказо дурдинчу лаьтта орамхеца гIерта хьо къар ца луш, и эрна дуйла хьайна хуушшехь. Хьан кхоллам – дуьненан бодане йист, маьркIажан баIрлагIе анайист ларъеш гIаролехь латтар бу.

Гуьйренан кхоллам кхузахь боца бу... Амма буьйса ю еха... Хьан сингаттаман хIора а мIаьрго санна, йист йоцуш еха ю кхузахь буьйса...


Элдин Микаил нохчийн поэт.

XS
SM
MD
LG