ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу яхархочуьнан латкъам  къастор бу Страсбургерчу кхело  


Францерчу Страсбургехь куп тоьхначу Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Оьрсийчоьнан Iедалшка хаттарш хьажийна, 2015-чу шарахь гергарчара бераш дIадаьхначу Нохчийчуьрчу яхархочо Тапаева Луизас бинчу латкъамца доьзна.

Страсбургехь хета доьзал кхио йолу цуьнан бакъо йохийна аьлла. Цунах лаьцна хаам бина "Правовая инициатива" проекто.

Тапаевас доьхург ду 4 бер схьадерзош накъосталла дар. Цуьнан хIусамда велла 2015-чу шарахь, ткъа мардас бераш дIа а даьхна цуьнгара. Цу зудчо меттигерчу кхеле делла хилла и гIуллакх, амма суьдхой тIехIиттина берийн дедена. Дукха хан ялале сацам хийцина Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело, делахь а бераш дIа ца делла Тапаевага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG