ГIалгIайчоьнан вахархочо Льянов Рустама дехар дина бакъонашларъярхошка, ша нуцкъала дIавигина хилла низамаш лардон органийн белхахой лохуш гIо дахьара аьлла. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино.
Льянов лаьцнера хиллера кху беттан 11-чохь, полисхой ду шаьш аьлла тIебаьхкинчу герзаца хиллачу наха. Цара дIавигинера и стаг Белгехь вехачу цуьнан девешега Европерчу гIалгIайн цхьаьнакхетараллан куьйгалхочуьнга Льянов ИбраьхIиме видеокхайкхам байта аьлла.
ГIалгIайн юкъараллан жигархочо Абадиев Мусас Фейсбукехь яздарехь, Льянов Рустаме дехар дайтина девешега, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочунна Евкуров Юнус-Бекана критика яр сацаде аьлла.