ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нумизматикан Краузен каталогехь ю Абхази


Абхазин Къаьмнийн банк
Абхазин Къаьмнийн банк

Iамеркан нумизматикан Краузен каталогехь гойтуш ду абхазхойн ахча-апсараш, хаамбина Абхазин къоман банко.

Социалан машанехь Фейсбукехь цхьаболчара фейк ю и информаци бохуш, дуьйцу. "Каталог кара а эцна, цуьнан агIонаш листича хуур ду и хаам бакъ буйла", - аьлла, дIахьедина Абхазин Къаьмнийн банкан куьйгалхочо Барателия Беслана.

Фейсбукерчу шен аккаунтехь банкан урхалхочо хаамбина, "Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь шарахь цкъа зорбане йоккхучу, дуьненчохь мел долчу ахчанах информаци латточу тIедогIучу шарна арахеца кечйинчу Краузен каталог тIехь" Абхазин Банкан ахчанаш гойтуш хиларх.

"The Republic of Abkhazia" аьлла, билгалъяьккхинчу агIонан а, каталог тIерчу суьртийн цхьа могIа линкаш а социалан машанехь яржийна Барателия Беслана. АгIон тIехь даьккхина Абхазин карта ду. Цу тIехь Гуьржийчоьнан картех дIакъастийна Абхази кхечу басахь гойтуш ю.

Къоман банкан информаци доккхачу хазахетарца тIеэцна бахархоша. Краузен каталого Абхазина лерина хьалхара агIонаш гойтуш видео ю Къоман банкан куьйгалхочо Iораяьхначу линкашлахь.

Хьалхарчу агIонера борхIалгIачу агIоне кхаччалц информаци ю каталог тIехь апсарех лаьцна бес-бесарчу беснашкахь. Ткъа оццу каталог тIехь Гуьржийчоь Iаьржа-кIайн басаршца гойтуш ю.

Къоман банкан арахьарчу зIенашца уьйраш латточу декъан хьаькамо Агрба Лианас билгалдоккху, исторехь Краузен каталогца доьзна уггар мехалниг ду, абхазхойн ахча стандарте йолчу каталоге даккхар, цуьнан тIеэцна йоцчу пачхьалкхех хьакхалучу верси тIехь а ца гойтуш.

Кхааридийнахь Фейсбукерчу цхьана группи чохь жигара дийца даьккхира, Краузен каталог тIехь Абхазин ахча ду гойтуш аьлла, яьржина информаци, еккъа фейк ю бохуш.

Тоьшаллина сийна мужалт йолчу каталоган сурт зорбане даьккхинера цара. Гуьржийчуьрчу бахархоша яздора, Абхазехь шаьш шен Iехош бу бохуш.

Амма дискусси йийраш мужалтийн лерина тидам а бина, тIе ца кхиинера, гойтурш цхьана каталоган кеп-кепара арахецарш хиларна.

2019-чу шеран арахецна Краузен цIен, сийна каталогаш
2019-чу шеран арахецна Краузен цIен, сийна каталогаш

​Ситуацех кхетийра Абхазин Къаьмнийн банкан куьйгалхочо Барателия Беслана. Юй и фейк аьлла, шега хаьттича, иштта жоп делира цо: "Цхьатерра Краузен масех 2019-чу шеран каталог арахоьцуш ю. Уьш ерш а стандарте каталогаш ю, масала, вайн каталог – 2001-чу шарера кху хене кхаччалц лела ахчанаш тIехь долуш ю. ЦIечу басахь ю иза.

Сийначу мужалтца арахецначу каталог тIехь 1901 -чу шарера 2000-чу шаре кхаччалц долу ахчанаш ду. Ишта ю царлахь 1601-чу шарера 1700-чу шаре кхаччалц леллачу ахчанийн каталог а.

Iаламат дукха ма ду ахчанаш, уьш арахецначу шерашка а хьовсуш доькъу тобанашка. Цундела 2001-чу шарера таханалерачу дийне кхаччалц долу тхан ахчанаш каталоге даьхна.Тхан цхьа каталог хилла Iаш яц. Тхан ахча дукха хенара дац, 2008-чу шарахь арахецна дуьххьара апсар. Цундела XX -чу бIешерашкара я XVII-чу бIешерийн ахчанийн каталог тIехь тхо хуьлийла дац".

Информаци харц йоций атта хуур ду, каталог кара а эцна, цуьнан агIонаш листича аьлла Барателия Беслана.

Муха аьтто баьлла Абхазин банкан, Iамеркан каталог тIехь абхазхойн ахча даьккхина ца Iаш, ша пачхьалкх а къаьстина, шен географин хьелашца йовзийта аьлча, Барателияс дийцира: "Оха дуккха а къахьийгира цу тIехь. Гайтамашкахь дакъалоьцуш, дIасахехкалуш, кеп-кепарчу нумизматикан гIирсашкахь публикацеш еш. Юхьанца арахоьцучу материалашка дийла Iаламат хала дара тхуна. Дуккха а дийцарш дора оха, мехах тхан информаци зорбане яккха таро лора тхуна. Ткъа хIинца-м нумизматикан хьосташ шаьш тхоьца зIене дуьйлу, юкъ-кара маьхза зорбане дийлар а хуьлу тхан, цкъацкъа тхан ахчанах шайн гIирсашкахь хаамаш бала бакъо йоьху тхоьгара. И бохург хIун ду, тахана тхо дика довзар, шо, ши шо хьалхачул а".

Иштта Барателия Беслана дийцира тхоьга, ши бутт хьалха Абхазин исторехь дуьххьара арахецна 10 эзаран банкнота дика дIайоьдуш хиларх. 10 эзар банкнотах 2000 гергга йоьхкина хIинцале.

Абхазин дуьххьара юкъаевлла банкноташ яьржина Европехь, Iамеркехь, Къилба-Малхбалерчу Азехь, ишта гучуевлла уьш цхьайолчу нумизматикан гайтамашкахь а.

Абхазехь а, Къилба ХIирийчохь а лела терминологи а, топонимаш а ю текстехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG