Москох автобус чохь некъахочунна тIе аьчка банка кхоьссина нохчийн жима стаг кхетта ша лелийнарг нийса цахиларх, хаам бо Кавказ.Реалиино. Цунах лаьцна НСН телеканалан эфирехь дIахьедар дина Нохчийчоьнан къоман политикехула министр волчу Умаров Джамболата.
Цунах хIинца масале жима стаг хилла, цо ша вуно жоьпалла долу кIант санна гайтина балхахь, аьлла Умаровс.
Банка кхуссуш яьккхина видео гинера Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна. Цо сихонца шена тIекхайкхира харцхьа лелла жима стаг, ткъа цул тIаьхьа таIзар дира цунна, юкъараллан белхаш дар тIе а дожош.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?