Оьрсийчуьра яхана хIусамда воцуш йисина 7 эзар зуда ю Шемарчу Идлиб провинцехь, аьлла дIахьедар дина Москох зорбанан конференцехь Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхочо Саратова Хедас.
Царца зIенехь ду шаьш ду боху бакъонашларъярхочо. Цо дийцарехь, цхьана Идлиб провинцехь 7 эзар зуда ю аьлла цуьнга Шемахь некъ гойтуш хьалхаваьлла хиллачу стага.
Саратовехь болчу хаамца, царах 3-3,5 эзар зуда, хIоранна а 4-5 бер а долуш, ю Къилбаседа Кавказера. Цо дийцарехь, хIара шо доладелчхьана Шемар а, Иракъера Оьрсийчу цIа яло аьтто ца баьлла цхьа а зуда.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?