ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхечу пачхьалкхера стаг шен чуязварна гIуда тоьхна Нохчийчуьрчу яхархочунна


Жоьпе озийнарг ю ТIехьа-Мартанан кIоштарчу СемаIашкара яхархо. Стохка Лахьан-баттахь кехат даьккхина хилла цо, 30 шо долу Азербайджанан махкахо шен хIусамахь вехаш волуш санна.

Делахь а, сема хиллачу юьртарчу полисхочунна гучадаьлла динарг, цу эвлахь махкара воцу хьаша шена гимна ца хиларна. Суьдехь зуда къера хилла, ша цу стагана шен чохь ахчанахь регистраци яйтина хиларна а, иза цкъа СемаIашка Iийна ца хиларна а. Иза низам дохор а лерина, кхело суьдхочо 10 эзар сом гIуда тоьхна цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG