ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дика кIант вара шун, амма экстремист ву-кх"


Бобро Кирилл
Бобро Кирилл

Ставрополерчу "Кегийрхойн Яблоко" (Молодежное Яблоко) партин декъахочо Бобро Кирилла цхьа шой, ах шой набахтехь даьккхина. Баккхийчу барамашкахь наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехкала воьллинера иза.

Цул хьалха Ставрополан кIоштахь политикан дукха акцеш хIиттайора Кирилла: Шемарчу тIамна дуьхьал, Къилбаседа Кавказерчу зударийн бакъонашна тIехIуьттуш, ишта ша цхьаъ меттигерчу ФСБ-н гIишлонна хьалха хIуттий, цхьаалин пикет хIоттайора цо, къайлахчу сервисийн белхахоша жигархой дIалоьцу бохуш.

Кириллан гергарчара а, цуьнан адвокато а чIагIонаш йора, цо лело оппозицин гIуллакх бахьана долуш, кIантана наркотикаш кхийсина ю бохуш. 1,5 шарахь а дIатийна хан яьккхира Кирилла, шен герагарчарна а, шен дахарна а кхерам лаьттий хууш.

Масех кIира хьалха Европе дехьаваьллачу жигархочо интервью елира "Кавказ.Реалии" портална. Цо дуьйцу, мича бахьанашца шена тIаьхьадлаьллера Iедал а, шена цара дуьхьал даьккхинчух а.

"Iаламат беламе а ду, Iаламат боьха а ду"

2014-чу шарахь дуьйнна хIун лелош вара хьо? Стенна тIера доладелла хьуна Iаткъамбар?

– ХIетахь йоллу пачхьалкхехь а акцеш яра дIахьош – Болотная олучу набахтерчу тутмакхашна маршо йоьхуш. Кеп-кепарчу гIаланашкахь цхьааллин пикеташ хIиттайора. Ставрополехь акци хIотто дагахь хиллера со.

Ишта нисделира, цу дийнахь тхан гIала Путин Владимир вогIуш. Йоллу центр дIакъевлинера, схьакхаьчначул тIаьхьа бен ца хиира суна, иза веанийла. Сайн Iалашо хийца ца лиира суна. Коьртачу майдане велира со. Сайн карара кехат схьаделла со хIоьттича, полисхо веара суна тIе. Соьга хеттарш дина, кехат схьа ма делла элира цо. Цул тIаьхьа "бобик" олучу машен чу а хаийна, полисхойн декъе дIавигира со.

Ша цхьаъ дIа а хIоьттина, пикет еш хьо велахь, Iедалера бакъо оьшуш яц хьуна. Ас низамаш ца дохийнера. Полисхойн декъе суна тIе кхайкхира доьзалхочух йолу сан хIусамнана. Полисхочун кабинет чохь акци хIоттийра охашиммо, плакатца суьрташ а дохуш. Цул тIаьхьа соьца дехха къамел дира.

Ала догIу, дуьххьара дацара соьца цу кепара къамелаш дар. Iедална реза воцуш дош мел аьллачуьнца деш ду цу кепара къамелаш.

Цара хьоьга телефон тоьхча, моьттур ду шу дукха хенахь дуьйнна девзаш, доттагIий ду. Маршалла, муха ду хьан гIуллакхаш, вола тхо долчу, чай мер ду вай. Iаламат беламе а хуьлу и, Iаламат чаьмза а хуьлу.

Дагара даьллера суна тхаьш цхьанакхетар. Цхьа ах бутт хна яьллачу заманчохь юх-юха телефонаш етта буьйлабелира соьга. Лакхарчу хьаькамех цхьанна ца тайна хир дар-кх, Путин вогIучу дийнахь со аравалар.

Хьо волчу балха тIе а баьхкинера уьш?

- ХIаъ, сан балха тIе телефонаш еттара, суна зуламе даккха гIерташ. Ессентукехь гIуллакх деш вара со, цигара Ставрополе дехьавала лууш вара со, цигахь университетехь доьшуш яра сан доьзалхочух йолу зуда. Цуьнах пайда а эцна, сан куьйгалле бевллера уьш. Москохарчу а, Ставрополерчу а "Яблокон" куьйгалле дийцира ас, тIаккха оха сацамбира, нагахь ас низамашкахь йина акци бахьана долуш уьш тIаьхьабевллехь, хаамийн гIирсашна хоуьйтур ду аьлла.

–Хьан доьзална а, дена -нанна а муха бале евлира хьан акцеш?

- Сан да волчу балха эха бевллера полисхой. Хьан дика бизнес а ю, дика воI а ву хьан, амма экстремист ву-кх. Хетарехь, набахте кхача там бу иза аьлла хиллера цара. Сайн дахарехь низамаш талхош, цхьа хIума дина вац со.

- Муьлхачу акцино собар кхачийра церан?

- Стохка Чиллан-баттахь ду-кх иза, "Репрессеш хуьлийла дац, дIабаха чекисташ" аьлла, Ставрополерчу ФСБ-н гIишлонна уллохь ас пикет хIоттийча. Дуккхаъчу даккхийчу даржашкахь болчу нахана ца тайнера и. Со дуьхьалваьллера, цIоьмалгаш юкъахь олу ас "Оьрсийчохь уггар а коьртачунна". Кхи цхьа хIума а ду, 2016-чу шеран аьхка Ставрополерчу кегийрхойн "Яблоко" декъе жигара цхьа нах эха буьйлабеллера. Хьалхо со суо цхьаъ вара кегийрхойн партехь, ткъа хIинца организаци шоръелла- 20 гергга жимстаг ву цигахь. Масех бIаьрла акци вовшахтоьхна, дIаяьхира оха: Шемарчу тIамна дуьхьал, Къилбаседа Кавказерчу зударийн бакъонашкахьа а.

Къепе йохийна аьлла, хIетахь гIуданаш а диттина, дитира тхо. ПаргIат барам дIабахьа ца дуьтура тхо гIалин администрацино, цхьацца бахьанашца дуьхьалонаш латтош. Охьадиллина а доцу ло дIадоккхуш ду шаьш аьлла, ца магийра цкъа. Ло дIахьокху машен хихкира ессачу майданехула, оха видео а яьккхира, гIалин кхелахоша, низам хьоьшуш тхуна новкъарло йина аьлла, даре а дира.

Бобро Кирилл
Бобро Кирилл

"Путин волчу хенахь ваьхна а хилла, тапъаьлла а Iийнера"

Политика юкъа ваха стенна лиънера хьуна?

– Суна цкъа а ца хетта суо политик. "Яблокон" митингашкахь а, акцешкахь а сайна хетарг дIаолур-кх ас. Суна хетарехь муьххачун а бакъо ю-кх шена ца товриг дIаала. Путин волчу заманчохь вехаш а вара, вистхуьлуш вацара аьлла, кхана-лама сайн доьзална хьалха, сайн хиндолчу берийн берашна хьалха а юьхьIаьржа ца хила лууш араваьллера со. И дар-кх сан коьрта бахьана. Юьхьанца суна моьттура тхан акцеша адаман кхетам самабоккхур бу. ТIаьхьа кхийтира со, коьртаниг – ца хуьлчу далахь кхузара вада кхио со везаш хилар хиллийла. Амма со ца кхиира.

Хьайна тIаьхьа полисхой баьхкина де дагадогIий хьуна?

– Дукха дика дагадогIу. Политикан тховкIело еха со Бельги дехьавала везачу муьрехь дара иза. Даима сайна бечу тIеIаткъамо ницкъ бора суна. ХIетахь 26 шо дара сан, ойла йора ас - нислуш, хийцалуш хIуммаъ дац, кху махкара вада веза со, аьлла. Шозза административан жоьпе озийнера со оха ечу акцешна тIехула. Ткъа кхоалгIа – бехкзуламан гIуллакх доьллийла дара. Дадин Ильдар набахте хьажийра ишта.

Сарахь дуьйнна цхьа синхIоттам бара сан, сайна тIаьхьабевлла нах лелаш санна. Iуьйранна Москох билеташ эца везаш вара со, циггахь виза яккха кехаташ чудала. Исс сахьт даьлча дека дезаш сахьт дара сан, ткъа 8 даьлча неI туьйхира.

15 минотехь неI йиттира, тIаккха кхийтира со, уьш ницкъахой буйла. Уьш неI ца йиллича дIагIур бу моьттуш, суо цIахь воцуш санна тийна Iийра со. НеIарера схьахезачу гIовгIанашца со кхийтира, цигахь дуккха а нах хиларх. Соьга телефонаш еттара, ас жоп ца лора. ХIуъа а вониг хила йиш юйла хууш вара со, амма дагахь доцург хилира.

Метта ван кхиирий хьо?

– Лулахой теш хIиттор бу аьлла, суна аьттехь а дагахь дацара. Нене орца даккха кхиира со. 1,5 сахьт даьллачул тIаьхьа йиллира ас сайн неI. Сайн къайлаяккха цхьа хIума хиллехь а, со бIозза ларор вара уьш къайлаяха.

Уьш чухула дIасалелачу заманчохь, царна тIаьхьа а ваьлла лелара со. Хьалхара тIоьрмиг сан тIеюхучу куртки кисанара яьккхира цара. Дукха хан яра ас и тIейоханза. Сан куртка схьа а эцна, чутухучун бухахь цхьа хIума ю, хьажа элира соьга. Iуьрг даьллачу кисанара цу чохь тасаделла диссина мерах хьокху йовлакх хир ду аьлла, тешна вара со.

Суна хаьара, уьш хIун адамаш ду а, амма цу чохь наркотикаш ир ю аьлла, суна ца моьттура. Кисана куьйг дахийтина, чутухчуьра ас хьалабаьккхинарг жима тIоьрмиг бара 13 грамм кIомал чохь йолу.

Видео тIе дIаязйира цара, ас и хьалайоккхуш. ШолгIа тIоьрмиг шкафа тIехьара схьаийцира цара. Соьга пакет схьаэца элира, оцу мIаьргонехь кхетам хилира сан, куьйгаш ца Iуьттуш, юргIан йистца а лаьцна, схьаэца. Цу тIехь сан куьйгийн таммагIаш ца карийнера. Ткъа муха дIалачкъийнера ас и тIоьрмиг, куьйгаш а ца Iуттуш?.

Сан цIийца а ца хааеллера наркотикаш.

- Хьо дIалаьцна 1,5 бутт баьллачу хенахь Ютюбехь яржийра хьуна компромате, цIахь яьккхина видео. Хьуна тIеIаткъамбан дагахь яржийра иза?

- Сан телефон а, компьютер а дIаяьхьнера полисхоша. Церан бакъо яцара сан долара цу чуьра цхьа а хIума цхьанхьа а гайта. Со наркоман а ву, тентиг а ву аьлла, гайтичхьана бовлуш бара уьш. Цхьайолчу видеош тIехь со мелла ву. Амма со мел вевзачунна хаьа со спортаца гергарло долуш вуйла а. Сайн зуда а евзина суна марафонехь.

Кхерамаш тийсирий хьуна?

- Со лаьцна кхо кIира даьллачу заманчохь, суна вевзаш воцу цхьа стаг веара со волчу СИЗО. Телефон яра цуьнгахь, цу чохь телефон лело дихкина ду адвокатна а, прокурорна а цхьана. Шегарчу телефон чуьра видеош гайта аьлла хьуна элира цо соьга, ойла яйта. Хьоьца чохь бохкучу нахана хIара видеош гахь, хьайх хIун хир ду хаьий хьуна элира цо. Хьуна урс хьокхур ду, я хьийзор ву хьо, нагахь кху видео тIера скриншоташ СИЗО мел ю дIасаяржаяхь элира.

Бобро Кирилл
Бобро Кирилл

"Дада, сок эцахьа суна"

– Бехк тIе стенна лаьцнера ахь, хьайна наркотикаш кхийсина ю бохуш, чIагI а до ахь...

– Оцу мIаьргонехь со дика тIекхуьуш вацара, лецначеран юкъаметтигаш муха лаьтташ ю. Дадин Ильдарна диннарг сайна а дийр ду моьттура суна: еттар ю, со Iехо нах чу а оьхуьйтуш. Нагахь политика Iад а йитина, ас бехк тIелацахь, шаьш видеош кхи цхьанна а гойтур яц элира соьга. Суна туху йолу хан а лаххара хир ю элира. Нагахь ас и тIе ца дитахь, наркотикаш оьцуш, юхкуш хилла аьлла, таIзар луьро хир ду аьлла, кхерам а тосуш.

Итт шо хан ма ю цу артиклца, мел лахара а. Масех де делира суна ойлаян, адвокатехула жоп далар тIе а дуьллуш. Кхаа дийнахь ойла йира ас. Ши шой, ах шой дара хIетахь сан кIентан. Цуьнан 13 шо кхаччалц набахтехь хан яккха ца лаьара суна. Цара бохучунна куьйгъяздира ас, амма дIахьедира, сайн доттагIашна йоцу цIераш ас кхуллур яц аьлла.

- Хьайца чохь болчаьрца юкъаметтигаш муха нисъелира хьан, хьо мича бехкана лаьцна дIахиинчул тIаьхьа?

- Дукхаболчара гIо лецира сан. Царна интересе дара, муха нисделла хIара гIуллакх. Оцу меттигехь нах сингатттамна хьере хуьлу, цундела сайн историю юх-юха юьйцура ас. Сох пIелг ца Iуттура, хIунда аьлча, гIовгIа эккхийтарна кхоьрура уьш.

- Уггар Iаткъаме мIаьрго муьлха яра хьуна дага а догIуш?

- Цхьа хан яьллачу заманчохь аьтто хилира сан хIусамнене телефон тоха. Сан кIанте елира цо телефон. Ши шой, ах шой дара цуьнан хIетахь, кхи башха хабар дийца хууш а вацара иза. Со мичахь ву а, суна хилларг а ца хаьара цунна. Папа, хьо цIа вогIуш суна сок ялахь элира цо. Оццу минотехь сайгара бехкаш дохура ас, совнах дерг а ца лелош, сайн кIантаца хан ца яхьарна.

- Дагахьбаллам лаьттий хьуна, хьайна 1, 5 шо дарна?

- ХIан- хIа! Ца лаьтта. Цхьадолчу хIуманах кхеташ хила веза. ПаргIат хьайн чохь хьо Iачу хенахь, Фейсбукехь хьайна хетарг яздан, я митинге вала атта хуьлу. ТIаккха хьуна хьо цхьа воккха революционер а хета. Амма хьо кхета веза, мичча хенахь а хьайн неI тухург хиларх.

- Нагахь хьайна тховкIело лахь, хьайн кIант а, да-нана а дIадига аьтто хир буй хьан?

- Хир бу. Нагахь Оьрсийчохь кхи дIа а, я суна, я сан гергарчарна Iаткъам бан буьйлалахь, ас кхеле лур бу со набахте воьллинарш а, сох лаьцна яржо бакъо йоцу информаци яржийнарш а.

- Хьо набахтера араваьлча хIун хилира?

- Со маьршаваьккхинчул тIаьхьа цхьа бутт баьккхира ас Оьрсийчохь. Сан цIа баьхкира "Э" Центран белхахой. Суна ца евзачу лоьмарца телефон а тоьхна, меттигера полисхо ву ша, уьйтIа валар дийхира соьга. Араваьлча суна гира: со лоцуш хилла нах бара лаьтташ.

Маршалла а хаьттира, со шайн накъост волуш санна. Информаци гулъеш бара уьш, со кхера а веш.

Шайна новкъарло ян дагахь вуй хьо, хаьттира соьга. Нагахь со дуьхьалонаш ян волалахь, сайна хетарг а дуьйцуш, шаьш юха а сан пролемаш хуьлуьйтур ю элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG