ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан Iедалша кхеле лур бу Vampire: The Masquerade ловзаран авторш


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Нохчийчоь вочу агIор гойтуш юкъадаьккхинчу Vampire: The Masquerade ловзаран авторш кхеле озо дагахь ду республикера Iедалш. Цунах лаьцна дIахьедар дина нохчийн къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а министро Умаров Джамболата.

Ловзар дагадеанарг а, кхочушдинарг а ю Швецера Paradox Interactive компани. Карарчу хенахь цуьнан чулацам толлуш ду шаьш, аьлла хаам бина цуьнан векало ТАСС агенталле.

Vampire: The Masquerade ловзаран керла верси арахецна кхушара Лахьанан-бутт болалуш. "Коммерсанто" яздарехь, цу тIехь дуьйцуш ду Нохчийчоьнна, ма дарра аьлча, урхалла деш убарийн шира тоба хиларх лаьцна, меттигерчу бахаройн цIий моьлуш йолу. Сюжетехь хьахийна ву Оьрсийчоьнан Iедалех бакъдерг хьулдина веха республикан куьйгалхо "султан Рамзан".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG