ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дериспаскан заводашкара машенаш эца 2 миллиард сом лур ду Iедало Росгвардина


Оьрсийчоьнан гIагI диллина машен "Тигр".
Оьрсийчоьнан гIагI диллина машен "Тигр".

Оьрсийчоьнан Iедало пачхьалкхан тIаьхьалонан фондера 2 миллиард сом дала сацам бина Росгвардина, Iамеркан санкцешна кIеллахь волчу миллиардеран Дерипаска Олеган доларчу заводаш йина машенаш эца.

Контракташ йийр ю "Урал" а, Арзамасера АМЗ заводашца. Уьш кхочуш еш Росгвардино эца езар ю 600 лаккхара лелар долу машенаш, шайна юкъахь "Тигр" гIагI диллина машенаш а йолуш.

Цу гIуллакхо болх лур бу Дериспаскан долахь йолчу "Газ" а, "Оьрсийн машенаш" а компанийн тобана юкъарчу "Урал" а, "Арзамасский машиностроительный завод" а компанешна.

Кхушеран Охан-баттахь дуьйна Iамеркан санкцеш ловш ю уьш а, Дерипаскин кхин йолу структураш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG