ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхиазхо валарна лоьрашна кхел йийр ю Нохчийчохь


Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхалло бехктакхаман гIуллакх долийна 13 шо долу кIант валарца доьзна. Талламхошна хетарехь, и кIант кхалхарна бехке хила мега, оьшуш ма хиллара шайн белхан декхарш кхочуш ца дина лоьраш.

Талламхойн версица, Соьлжан кIоштара Побединскерчу вахархочо лоьрашка шозза гIо дехна хилла, шен 13 шо долчу кIанта, вуно чIогIа букъ лозу шен аьлла, латкъам бича.

Сихонан гIо эцна баьхкинчу лоьраша шоззе а хьалхара олу гIо дина кIантана, амма дарбанан хIусаме охьа ца виллина цара дархо, цуьнан дега-нене шаьш вига иза цига аьлла хьехар дина. Оццу буса рогIера лоьрийн тоба кхайкхинчул тIаьхьа бер делла.

Карарчу хенахь талламхоша къастош ду хилларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG