ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнца доза хьокъехь барт барна дуьхьал боламан ши хьалханча лаьцна ГIалгIайчохь


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

ГIалгIайчоьнан полицино лаьцна "ГIалгIайн къоман конгресс" шех олучу тобанан куьйгалхойх цхьаъ волу Погоров Ахьмад а, "ГIалгIайчоьнан гӀортор" боламан куьйгалхо Чемурзиев Барах а, хаам бо "Коммерсанто". Иза хилла Даьттах эвлана гергахь.

Погоров а, Чемурзиев а цигахь шира кешнашкахь а, бIаьвнаш йолчу меттигашкахь а "субботник" дIаяхьа араваьлла хилла. Амма юьхьарлаьцнарг кхочушдан цу шинан аьтто ца баьлла. Iедалша цу шиммо лелориг питана лерина.

Цхьаболчу хаамашца, Погоров а, Чемурзиев а ГIалгIайчоьнан Соьлжан кIоштан полицин декъехь ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG