ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Убарийн ловзарна юкъара дIадоккхур ду Нохчийчоьнах лаьцна дакъа


Vampire: The Masquerade ловзаран долахоша хийцамаш бийр бу цуьнан чулацамехь. Иза кхочуш дина White Wolf (КIайн борз) студи долахь йолчу Швецерчу Paradox Interactive компанино кхушеран Лахьанан-баттахь араяьллачу цуьнан керлачу версина юкъара дIадоккхур ду Нохчийчоьнах лаьцна дакъа, яздо "Коммерсанто".

Цу кепара шаьш гIалат далийтарна къинтIера довлар дехна Paradox Interactive компанин вице-президенто Шамс Йоржанис.

"Коммерсанто" яздарехь, цу ловзаран сценарехь дуьйцуш ду Нохчийчоьнна урхалла деш убарийн шира тоба хиларх лаьцна, меттигерчу бахаройн цIий моьлуш йолу. Сюжетехь хьахийна ву Оьрсийчоьнан Iедалех бакъдерг хьулдина веха республикан куьйгалхо "султан Рамзан".

Нохчийчоь вочу агIор гойтучу Vampire: The Masquerade ловзаран авторш кхеле озо дагахь ду шаьш аьлла, дIахьединера нохчийн къоман политикехула а, арахьарчу уьйрашкахула а министро Умаров Джамболата.

Paradox Interactive компанино иштта хаам бина, White Wolf студи дIачIаьгIна шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG