ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь зуда иккхина полицин постана уллехь


Соьлж-ГIалахь зуда иккхина полицин постана уллехь. 17Лахь2018.
Соьлж-ГIалахь зуда иккхина полицин постана уллехь. 17Лахь2018.

Мила ю ца хуучу зудчо шен дегIаца йолу бомба эккхийтина Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштахь полицин постана уллехь, хаам бо РИА Новости агенталло. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дечу Алаудинов Аптис бинчу хаамца, и инцидент хилла шотандийнахь 4 сахьт долуш.

Полицин хьаькамо дийцарехь, саца, бохуш мохь бетташ полисхой а болуш, номер 21 йолчу полицин постана тIе а едда, шен дегIаца йолу бомба эккхийтина цо.

Полицин белхахошна а, могIарерчу нахана а юкъахь кхин вийна а, лазийна стаг вац, бохуш чIагIдо ницкъаллин структурийн векалш.

Эккхийтар дина зуда мила ю къастош бу талламхой. Цхьаболчу хаамашца, иза ю Дагестанан яхархо.

Амма социалан машанашкахь комментареш юьтучу наха, шайна юкъахь тешаша а болуш, шеконе диллина хилларг. Цара дуьйцучуьнан коьртачу чулацам иштта бу: Цхьа а зуда гуш яцара, герзаш а кхиссира цхьа хIума а эккхийтира, кхин хилларг хIумма а дацара...

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG