ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чемурзиев а, Погоров а дIахецна полицера


Шотан дийнахь Полицино лаьцна гIалгIайн юкъараллан жигархой Погоров Ахьмад а, Чемурзиев Барах а дIахецна оццу сарахь. Цунах лаьцна яздо "Кавказский узело".

ГIалгIайчоьнан полицино Даьттах эвлана гергахь лаьцна Соьлжан кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн декъе дIавигнера "ГIалгIайн къоман конгресс" шех олучу тобанан куьйгалхойх цхьаъ волу Погоров Ахьмад а, "ГIалгIайчоьнан гӀортор" боламан куьйгалхо Чемурзиев Барах а.

И шиъ цигахь шира кешнашкахь а, бIаьвнаш йолчу меттигашкахь а "субботник" дIаяхьа араваьлла хиллера. Амма полицин белхахоша юкъахдаьккхира цу шиммо дагалаьцнарг, иза питана таса гIертар ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG