ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь толлуш ду Соьлж-ГIалахь полицин постана уллехь зуда эккхар


Соьлж-ГIалахь полицин постана уллехь иккхина жима зуда.
Соьлж-ГIалахь полицин постана уллехь иккхина жима зуда.

Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчуьрчу урхалло бехктакхаман гIуллакх долийна, Соьлж-ГIалахь полицин постана уллехь жима зуда эккхар бахьана долуш, хилларг ницкъаллин структурийн белхахой байа гIортар ду аьлла. Цунах лаьцна яздо "Коммерсанто".

Талламхошна мила ю хиъна Iожалхо. Иза ю 25 шо долу Адыгейн дуьненчу яьлла Спиридонова Карина. Цу зудчуьнан регистраци хилла Челябинскан махкахь, тIаьхьарчу хенахь иза ехаш хилла Дагестанехь.

Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштахь полицин постана уллехь зуда эккхарх лаьцна хаам бинера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Нохчийчуьрчу урхаллан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш дечу Алаудинов Аптис.

Жима зуда елла, кхина вийна а, лазийна а стаг вац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG