ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин эпсар вийна ХIинжа-ГIаларчу буьйсанан барехь


Чуччабахна латарехула дуьненан чемпионо герз тоьхна Росгвардин лейтенант вийна ХIинжа-ГIалахь, хаам бо "Интерфаксо". И инцидент хилла буьйсанан бар чохь.

"Интерфаксан" хьастано дийцарехь, девнан декъашхойх цхьаммо тапча йиттина ша оьгIазвахийтинчу шина стагана. Цу шиннах цхьаъ - росгвардин лейтененат - оццу меттехь велла, чов хилла шолгIаниг дIакхачийна дарбанан хIусаме.

Болчу хаамца, иза вочу хьолехь ву, амма кхетамчохь ву. Дархо левина талламхоша. Вийна лейтенант буьйсанан бар чохь ца хилла белхан декхарш кхочуш деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG