ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедовх латахь Мейвезерна 150 миллион доллар дала кийча ю UFC


Боксёр Мейвезер Флойд летира боксан низамашца MMA-н латархочух Макгрегор Конорх.
Боксёр Мейвезер Флойд летира боксан низамашца MMA-н латархочух Макгрегор Конорх.

Ерриг кеп ийначу латаран чемпионатан (UFC - Ultimate Fighting Championship)(ММА а олу цунах) куьйгалхочо Уайт Данас 150 миллион доллар кховдийна Iамеркерчу боксёрна Мейвезер Флойдана, нагахь иза ММА-н низамашца яйчу йозаллехь чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибах латахь. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло, TMZ сайтана тIе а тевжаш.

"Хьалха тхо цунна тIе дахара, хIинца тхуна тIе ван веза иза. Флойд, лата лаьий хьуна, 150 миллион доллар даккха лаьий хьуна? Лаахь схьавола тхо долчу", - даладо Уайтан дешнаш TMZ сайто.

Хьалхо хаам баьржинера Нурмагомедовца латарх лаьцна дуьйцуш ша коьрта хета Мейвезерна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG