ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь кIант велла лоьрийн бехкенна, боху прокуратуро


Соьлжа-ГIалин кIоштарчу сихха орца кхачочу центран лоьрашна дуьхьал бехктакхаман дов айдина талламчаша цомгуш хиллачу кIантанна оьшшу дарба цадарна.

"Побединское" юьртахь велла 13 шо кIант. Букъе лазар иккхинчу цунна дас-нанас шозза кхайкхина орцан центрера лоьраш. Шоззе а, мехий а тоьхна, кIант шаьш дарбан цIийне кхачочу меттана, иза дар гергарчарна тIе а диллина, дIабахана лоьраш. Массех сахьт даьлча, буса, велла дархо. Лоьраш бехке бу кхоччуш гIо цадарна (бехктакхаман кодексан 109-2 артикл)", - хаамбина «Кавказского узел» газетерчу корреспонденте кIирандийнахь прокуратуран векало.

Цо бахарехь, кхелан-медицинан экспертиза дIахьор ю айдинчу девнца доьзна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG