ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Статистика: кхача, бедарш эцар лах ца дича ца бовлу нах


Оьрсийчоьнан бахархойх дукхаболучара (хеттаршна жоьпаш деллачех 91 процент) эшо йо шайна кхача эцарехь, боху таллам бинчу Rabota.ru портало, ТАСС агенталло яздарехь.

Ахча ца тоьучу даьлча, шаьш чIара эцар лагIдо, аьлла жоьпаш деллачех кхоалгIачу декъо. Ах декъо ша шекар, мерза хIуманаш, стоьмаш ца оьцу ахча кхачочу кхаьчча, боху. 47 процент нах реза бу оццу бахьанийца жижиг ца эца.

Хаттамехь дакъалаьцначех 25 проценто каракхочу ахча ах сов духку юучунна. ИтталгIачу декъо шен ахчанах 25 процент дойу кхачанна. БIеннах ворхI стаг бен ца ваьлла шаьш доьзалан бюджетах юучунна 5-10 процент ахча бен ца духку олуш.

Пачхьалкхехь мехала гайтам бу юуучух бахархоша духкучу ахчан барам. Таро йолуш ларало мохк, цигарчу бахархоша юуучунна духку ахча алапан (пенсин) 15 процентал лакха долуш дацахь.

Бахначу баттахь хаамбира тергамчаша, Оьрсийчоьнан бахархоша ахча кхоадо бедаршна а, садаIарна а тIехь, иштанаш бу 17-25 процент, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG