Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхорах болу хаамаш талла Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташоно (OSCE) тешийна Австрерчу экспертна. ДIахьочу талламан декъахь хир бац Оьрсийчоьнан векалш, хаамбо "Коммерсанто".
"Москох кхоьллинчу механизмехь" таллам дIабахьа деношкахь сацамбира 16 пачхьалкхо. Нохчийчохь юристаша лохур бу нах байарх, лецарх, хьийзорах лаьцна цигара даьржачу аьрзнийн бух.
"Мохкох кхоьллинчу механизмца" 6-зза таллам дIабаьхьна Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташоно. Царех цхьа таллам айбинарг яра 1999-чу шарахь Оьрсийчоь – Атлантикан альянсо Югославехь дIаяьхьначу тIеман операцин ларш теллира оцу механизмца.
Нохчийчу талламбан дуьненаюкъара тоба хьажор Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташоно "Оьрсийчоьнна дуьхьал гIаттийна кампани чIагIъярхьама, Миланехь тIебогIучу баттахь арахьарчу гIуллакхийн министраш гуллуш хилар юьхьар а оьцуш, "бух боцуш" ен демарш ю, аьлла Кремлан дипломатин хьукмато.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?