ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь кеманашца динчу тохаршкахь 70 Оьрсийчоьнан вахархо вийна


Яхначу буса Шемарчу Кишмехь а, Саафехь а, Суссихь а кеманца динчу тохаршкахь (хетарехь, Iамеркан а, францхойн а авиацино) вийна 70 стаг. Царлахь дукхахберш – Къилбаседа Кавказан мехкашкара бахархой бу - зударий а, бераш а ду аьлла, дийцина и сурт гинчара.

Кхечу Шеман Ханис олучу куьпарчу хьостано хаамбарца, гIаттамхойн куьйгакIел юьссучу территореш тIехь буьсучу зударшкара мобилан телефонаш дIаяьхна.

"Уьш зIенах хедда, маьлхан батарейшца дIаюзу цара шайн телефонаш, дукхахболчаьргара дIаяьхна телефонаш а", - аьлла, дийцина хьостано.

Авиатохарш ден дозанаш курдойн тобанийн а, Iамеркан ницкъийн а карахь ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG