ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кавказан узел" агенталлан корреспондентна тIелатар динчунна арахь яккха хан кхайкхийна


"Кавказан узел" агенталлан корреспондентна Махмудова ПатIиматна тIелатар динчу Касумов Кариман бехк тIечIагIбина ХIинжа-ГIаларчу кIоштан кхело. Арахь даккха 1, 5 хан тоьхна цунна суьдхоша. Кхело шен сацам бовзийтале хьалха дош деллера бехкевечунна, амма иза дуьхьал хилира вистхила.

Билгалдоккху, Касумовна набахтехь даккха ши шо хан кхайкхор дехнера прокуратурано. Махмудован адвокато мел а лакхара цунна хан тохар хьоьхура. Оцу артикло 6 шо хан кхачайора тIелеттачунна.

"Кавказ.Реалии" портало яздира, Мангал-беттан 12-чохь ХIинжа-ГIалахь антикоррупцин митингехь масех жимчу стага дуьхьало йина хиларх журналисташна цигахь дерг Iорадаккха. Болх бан шайна новкъарло ярх ишта арз динера "Черновик" хьостан шина корреспонденто а.

Цара дехкинчу бехкашна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх доло дуьхьалхилира кхелахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG