ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хашогги Джамал верна бехкелоручарна Германи бахка дихкина


СаIуда Iаьрбийчоьнан журналист Хашогги Джамал
СаIуда Iаьрбийчоьнан журналист Хашогги Джамал

СаIуда Iаьрбийчоьнан журналист Хашогги Джамал верна шеконашка эцначу 18 оцу пачхьалкхан вахархочунна Германи вар дихкина аьлла, хаамбина немцойн арахьарчу гIуллакхийн министро Маас Хайко. Санкцеш кечъеш дакъалаьцна Францино а, Великобританино аьлла, билгалдаьккхина министро. Санкцийн тептаре баьхначийн цIераш Iорайохуш яц.

Хьалхо СаIуда Iаьрбийчоьнан 17 вахархочунна дозанаш туьйхира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. Хашогги верах лаьцна верси кеста Вашингтоно дIакхайкхор ю аьлла, хаамбина Iамеркан президенто Трамп Доналда.

СаIуда Iаьрбийчоьнан Истанбулерчу консулаллехь вийна оппозицин журналист Хашогги Джамал карарчу беттан 2-чохь. Юьхьанца Хашогги векалтан гIишлочуьра араваьлла бохуш, чIагIдора Эр-Риядан векалша, амма кхо кIира даьллачул тIаьхьа мукIарло дира, иза вийна хиларх.

Хашоггин дакъа хIинца а каронза ду. СаIуда Iаьрбийчоьнан паччахьалло Хашогги верна бехкевеш лаца кхайкхийра 21 стаг. Амма тIе ца дитира, шаьш гунахь хилар. Бехкевечу 11 гIуллакх кхеле кхачийна. Паччахьаллин прокуроро уьш бойуш кхел яр дехна царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG