ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн юьртахой ца теша иза бехкехиларна


Титиев Аюб
Титиев Аюб

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб молуш-узуш вацара, нахана гIо кхачош, Делах тешаш стаг вара иза, цундела иза наркотикашца воьзна хилла бохург шаьш тIе ца дуьту аьлла оршотдийнахь йоьдучу кхелехь бакъонашларъярхочун юьртахоша а, гергарчара а. Дахначу кIиранах Титиевс дийцинера, ша лоцуш шегара яьхна хIуманаш карош ца хиларх. Къаьсттина саготта ву иза травматикан тапча ярна. Оцу тапчанца зуламаш дина, кхана-лама шена уьш дуьхьал дахарна шеконаш лаьтта цуьнгахь.

Оршотдийнахь Титиевн дов хоттучу баьхкинера Ганнушкина Светлана а, "Яблоко" партин векал Рыбаков Николай а, Белоруссин бакъонашларъярхой Беляцкий Алесь, Сыс Сергей а. Ишта гулбеллера Титиевн юьртахой а, гергарнаш а.

Титиевс шен яйна боху хIумнаш а схьакарор ю аьлла, дIахьедина кхелахочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG