Кадыров Рамзанах шайн "Vampire: The Masquerade" ловзаршкахь вампирийн Султан винчу компанино гечдар дехча а тоаме дац Нохчийчоьнан Iедалхошна, цаьргара компенсацига сатуьйсуш бу уьш. Москох хиллачу пресс-конференцехь зорбан министро Умаров Джамбулата къадийна, ловзар арахецначу The White Wolf студино ладам боллуш компенсаци лахь, дов шаьш дуьжуьйтур ду аьлла. Ца хуьлчу далахь шаьш кхеле озор хилар билгал а доккхуш.
Карладоккху, дахначу шоьтадийнахь компанин официалан сайтехь дIахьедар дира, ловзарш арахецна студи шаьш дIайоккхур ю аьлла. Белхахойн цхьа дакъа студин коьртачу Paradox Interactive офисе дехьабохур бу аьллера. Ишта ловзарна юкъара Нохчийчоьнан куьйгалхочух а, ЛГБТ-юкъараллех а дакъа а дIахадор ду аьлла.
"И бехказбийлар дац. ДIахьедарехь, доккхачу декъанна гечдар доьху цара, кхелашка бевллачу ЛГБТ-н векалшкара. Шайн ловзаршкахь цара доллу къам а, мехкан да а аьшнаш во. Нохчийн къомана идеологин геноцид яр ду иза. Царна ца лаьа, тхо долчу хьеший а, туристаш а бахка а. Кхераме мохк бу аьлла, сурт хIотто гIерта уьш.
Цундела Iаламат интересе ду, муха бехк такха дагахь бу уьш шайгара даьллачунна. Мел ахча, муьлхачу валютан эквивалентехь дуьйцуш ду цкъачунна хууш дац. Нагахь уьш дала дагахь белахь а", - аьлла, тIетоьхна Умаров Джамбулата.