ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIудийн паччахьо хастийна шен кIант цIанвина мехкан кхелан система


Бин IабдулIаьзиз СаIуди Салман (юккъехь).
Бин IабдулIаьзиз СаIуди Салман (юккъехь).

Washington Post газетан корреспондент Хашогги Джамал вийначул тIаьхьа вистхилла воцчу СаIудийн паччахьо бин IабдулIаьзиз СаIуди Салмана хIора шарахь пачхьалкхан куьйгалхочо деш долу къамел дина ша Iуналла дечу мехкан парламентан декхарш кхочуш дечу Шуран Кхеташонна хьалха.

Паччахьо хастийра шен кIант принц Мохьаммед журналист верна бехке ца хилар дIакхайкхийна пачхьалкхан кхелан система, яздо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсо. Цхьаболчара чIагIдарехь, Хашогги вен аьлла омра делларг ву принц Мохьаммед. Шен къамелехь Салмана ца хьахийра шен кIант цунна бехке веш ву бохург.

«Пачхьалкх кхоьллинера нийчо а, массо а цхьатерра хилар а бухехь долчу бусулба принципашна тIехь, ткъа вай лаккхара мах хадабо кхело а, прокуратуро а къахьегарна", - элира паччахьо шен къамелехь.

ДIадаханчу кIиранах СаIудийн пачхьалкхан инарлин прокуроро дIахьедар дира, журналист Хашогги верна принц Мохьаммед декъахь вац аьлла. Цо вен кхел яре кхайкхира 5-а вахархочунна. Цул сов прокуроратуро и зулам дарна бехк кховдийна кхин а 11 стагана. Инарлин прокуроро бинчу хаамца, верриг а Хашогги вер хьокъехь толлучу гIуллакхехула лаьцна ву 21 стаг.

ДIадаханчу кIиранах Iамеркан коьртачу талламан урхалло дIахьедар дира, ма дарра аьлча, СаIудийн пачхьалкханна урхалла деш волчу принц бин Салман Мохьаммеда ГIадужу-беттан 2-чу дийнахь омра делла хилла СаIудийн Истанбулерчу консульствехь Хашогги вен аьлла.

Германин арахьарчу гIуллакхийн министро Маас ХIейкос оршотан дийнахь дIахьедар дира, Хашогги верна декъа хила мегаш волу СаIудийн пачхьалкхан 18 махкахо Евробертан Шенгенан зоне чувитар доьхкур ду Берлино аьлла.

Хьалхо Iамеркан президенто Трамп Дональда дIахьедар динера, СаIудийн Истанбулерчу консульствехь журналист-диссидент Хашогги вуьйш дIаязйина аудио елла шега аьлла. Амма цуьнга ладогIа дагахь вац ша, бохуш вара Трамп, иза дан дагна вуно хала долун дела.

"Иза ду дIаяздина долу бала хьегар", - бохура Трампа кIирандийнахь эфире яьллачу Fox News телеканалана ша еллачу интервьюхь. "Иза вуно къиза ду, инзаре ирча ду", - тIетуьйхира цо.

Хашогги вер хьокъехь Iамеркан Iедалшна хетарг довзуьйтур ду шаьш шинарин дийнахь, бохуш вара Трамп. Пачхьалкхан департаменто бинчу хаамца, принц Мохьаммед журналист верне декъа ву аьлла Iамеркан коьртачу талламан урхалло хаам бинехь а, цу хьокъехь кхоччуш жамI дан хьалхе ду.

Fox News телекомпанина интервью луш, президенто Трампа дIахьедар дира, шена ца хаьа СаIудийн принц Мохьаммед и зулам дарна декъа ву-вац аьлла, амма цхьа хIума эр дара ша, дуккха а наха боху иза бехке вац, тIетуьйхира президенто.

Журналист Хашогги вер хьокъехь Iамеркан коьртачу талламан урхалло кечйина доклад дIадаханчу шотдийнахь телефонехула йийцаре йира Трампа а, Пачхьакхан секретаро Помпео Майка а.

Хашогги Джамал колумнист вара Washington Post газетан. Цо дуккхазза а критика йинера СаIудийн паччахь хIуттур волчу принцана. Иза вийна Истанбулерчу СаIудийн консульствона чуваханчул тIаьхьа. Хашогги цига ваханера шен хIусамнана ша йитина хиларх лаьцна кехат даккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG